Решебник нохчийн мотт 2 класс

Dating > Решебник нохчийн мотт 2 класс

Download links:Решебник нохчийн мотт 2 классРешебник нохчийн мотт 2 класс

Нохчийн литературин тесташ 5 класс. Физика 7 класс Скачать Учебник физики 7 класс Автор: Перышкин Цунах ма херлолахь, Мел дукха вахарх, Ненан мотт — хьайн бацахь, Байлахь вуй хаалахь. Цу LibreOffice юккъехь Writer олуш программа а ю. С его проходной можно искупать в остальных решеьник классов по пригорелым мот, а можно просто моть себе больше времени для других сравнений. Нохчийн мотт хьехаран башхалла билгалъяьккхина тематически планаш т1ехь.

Хууш ма-хиллара, мотт цхьана керлачу декъехь лело баьккхича, цо шен кхиарехь керла гӀулчаш йоху, лакхарчу тӀегӀан тӀе а болуш. Компьютерийн декъехь лелош болу меттан кхиар, баржар къасттина жигардолу. Цуьнан бахьана таханлерачу дийнахь массо а декъехь хьашташ кхочушдеш компьютерийн технологеш хилар ду. Оцу новкъахь тӀахьарчу масех шарахь Нохчийн Республикин Ӏилманийн академехь болх бу дӀахьош, цу балхана вовшахтоьхна пайде семиотикин отдел а йолуш. Оцу отделан коьрта декхар — иза компьютерийн программийн нохчийн локализаци дӀаяхьар ду. Локализаци — программийн гӀирсаш цхьана къоман культурин башхаллашка хьаьжжина кечъяр ду, ткъа цуьнан коьрта дакъа — компьютерца долу хӀума оцу къоман матте гочдар. Цу юкъа доьду, масала, тайп-тайпана сайтийн, программийн интерфейсаш, цаьрца йоьзна файлаш, документаш гочдар. Амма пайде семиотикин отделехь мелла а хьалхатеттинарг нохчийн маттахь тексташца болх бечарна аьтто бен программаш кхоллар ду. Цу юкъайоьлху, масала, нохчийн маттахь дешнийн коьчалца балхана лерина программаш. Царах цхьаъ тахана пайдаэцархошна юккъехь шуьйра лелош йолу ДикДошам веб-программа ю. Цу чохь нохчийн меттан тайп-тайпана дошамашца болх бан аьтто бу пайдаэцархочун. Иштта нохчийн меттан дошамаш чу а яьхна, кечйина GoldenDict программа а. Иза, интернет йоцуш а, шен компьютер тӀехь лело йиш йолуш ю. Тезаурусан коьчалца болх бан лерина ю «Нохчийн Тезаурус» веб-программа а, Tezaurus локале программа а. Царах хьалхарниг шуьйрачу гонна лерина ю, лело атта а йолуш, дошам юккъера дешнаш лахар бен кхин Ӏалашонаш а йоцуш, ткъа шолгӀаниг нохчийн маттахь синонимашца а, гергарчу дешнашца а тайп-тайпана белхаш бечу специалисташна лерина ю. Иза вукху программах таронашца а, белхан кепаца а къаьсташ ю, цо таро ло меттан коьчалца тайп-тайпана статистикин белхаш бан, дешнийн база хийца, синонимаш тӀетоха, дӀаяха, и. Иштта нохчийн меттан талламхошна лерина программаш ю нохчийн маттахь йолу тексташкахь статистикин талламаш бен DoshStat программа, къамелан дакъойн массо а кепаш ялон программаш Khandosh, TsIerdosh, Bilgaldoh, NokhchiynTsIerash. Отдел болх бан йолалелчахьана цуьнан коьрта Iалашонех цхьаъ тайп-тайпана офисан программаш чохь нохчийн маттахь нийсаяздар таллалур долуш болх дIахIоттабар ду. Белхахоша цу декъехь масех шарахь талламаш бина, иштта ши миллион сов дош, дешан кеп чулоцу дешнийн гулар вовшахтоьхна. Тахана отдел орфографи толлу муьлхха а системи чу нохчийн мотт чубилла кийча хилар билгалдоккху отделан куьйгалхочо Умархаджиев Салаудис. КхидӀа и болх Microsoft корпорацица дӀабахьа безаш бу. Копорацин цу гӀуллакхна тӀе тидам бахийта, отделан белхахоша церан форум тӀехь хаам битина, нохчийн мотт Word чу баккхар доьхуш. Microsoft компанин низамца, цаьрга и хаттар тергалдайта, цу хьокъехь битинчу хаамна мелла а дукха кхаьжнаш тийсина хила дезаш ду. Кхаьжнийн дуккхаллица а, и кхаьжнаш совдовларан сихаллица а отдело битина хаам оцу форумехь хьалхарчу меттигашкахь лаьтташ бу. Амма цкъачунна цу хьокъехь жоп делла дац. Цундела цкъачунна оцу декъехь дан йиш ерг — иза йиллина код йолу маьхза офисан программаш чу нохчийн мотт баккхар ду. Царна юккъехь уггар яьржина а йолуш, уггар тоьлла лоруш ерг LibreOffice программаш ю. Цу LibreOffice юккъехь Writer олуш программа а ю. Иза тахана вайн дукхахьолахь лелош йолу Word программин аналог ю, юкъара волу пайдаэцархочунна оьшуш йолу Word программин йоллу функциш а йолуш. Отделан белхахоша шаьш кхоьллина йолу дешнийн гулар LibreOffice Writer программи чохь зийна. ТӀаьххьара цу хьокъехь яккха еза гӀулч — иза вовшахтоьхна меттан коьчал операционни системин дистрибутив чу йиллар ду. Цу тӀехь отделера программисташ бу къахьоьгуш: Асхабов Хаважи, Султанов Зелим, Бекаев Мовсар. Нийсаяздар талла оьшу коьчал кечъярал сов, оцу программийн локализаци а ю дIаяхьа езаш, коьртачу декъана оцу программийн интерфейс нохчийн матте йоккхуш. Цу декъехь болх а дIаболийна цара.

Last updated